Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элера схьайолучу цІеро кхерча тІера дийнаташ дагоран сагІина дийна бежана а, мохь а дІакхаьллира. И дерриге а гина халкъ, инзардаларца маьхьарий а тоьхна, бертал суждана дахара. Надаб а, АбихІу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цІе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цІе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхІарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиІазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гІуллакх дора. Везачу Элера цІе йоьссира, цо дІакхаьллира хаза хьожа йогІучу сегІазан сагІа доккхуш волу ши бІе шовзткъе итт стаг. Ткъа Надаб а, АбихІу а велира, хІунда аьлча Везачу Эло магийна йоцучу цІергахь даьккхинера цу шиммо Везачу Элана лерина сагІа.
Выбор основного перевода