Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«КІен сагІанах долу тІедиллинарг ду хІара: динан дайша, АхІаронан кІенташа, сагІа доккхучу кхерчана дуьхьал Везачу Элана лерина дан деза иза. КІен сагІанах цхьа кана тоьлла кІен дама схьаэца деза динан дас. Зайтдаьттанца а, мел долчу ливанаца а и дама э а дина, иза кхерча тІехь даго деза. Дерриге а Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. КІен сагІанах диснарг АхІарона а, цуьнан кІенташа а дІадаа деза. Езачу меттехь, гуламан четар долчу кертахь, совсаза а долуш, даа деза цара и сагІа. Морза а тухуш, датта ца деза кІен сагІин бепиг. Ас Сайн сагІанех динан дайшна луш долу дакъа ду иза. Къинах долчу сагІанах а, гІуда такхаран сагІанах а тера долу чІогІа деза сагІа ду иза. АхІаронан тІаьхьенах болчу массо а божарша даа мегаш ду и сагІа. Церан тІаьхьенашна гуттаренна а Везачу Элан сагІанах долу дакъа ду иза. Цунах дІахьакхаделларг дерриг а деза хир ду». Суна лерина даьхна сагІанаш даа мегар ду цо, беза кхача я уггар беза кхача иза белахь а. Халкъо Суна сагІина лерина еанчу уггар езачу хІуманех дага ца деш дисина дакъа хьан хир ду. Цара сагІина мел деанчух – кІен а, я къинан а, я къера хиларан а сагІина деанчух – и дакъа хьуна а, хьан кІенташна а кхачош дерг ду. Уггар езачу меттехь яалаш иза. Хьан доьзалера волчу массо а боьршачу стага даа мегар ду и дакъа, амма дагахь латтаделахь – сагІина лерина деанарг деза хІума хилар.
Выбор основного перевода