Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Исраилан халкъо ГадІане элира: «Тхо маданхойн баланах кІелхьардаьхна ахьа. Тхуна тІехь олалла де ахьа а, хьан кІанта а, хьан кІентан кІанта а». Амма ГадІана исраилхошка элира: «Аса а дийр дац шуна тІехь олалла, я сан кІанта а дийр дац. Везачу Эло дойла шуна тІехь олалла». Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхІуаша яхІудхойн паччахьна Амци-ЯхІуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тІе, нах а бахийтина: „Хьайн йоІ сан кІанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дІахьаьшна.
Выбор основного перевода