Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайн дола даккха тІедуьгучу лаьтта тІе шу далийча, Герзим-лам тІера декъалдаран дешнаш дІаала, ткъа Іейбал-лам тІера неІалт кхайкхоран дешнаш дІаала. «Йордан-хих дехьадевлча, Герзим-лам тІехь хІара тайпанаш дІахІитто деза халкъ декъалдайтархьама: ШимІин, Левин, ЯхІудан, Иссарханан, Юсупан, Бен-Яманан тайпанаш. Берриг исраилхой а, церан къаной а, тхьамданаш а, кхелахой а цхьаьна, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказна шина агІор динан дай болчу, тІорказ лелочу левихошна дуьхьал дІахІиттира. Царна юкъахь тІебаьхкина нах а, шайн схьабовларехь исраилхой берш а бара. Халкъан цхьа ах Герзим-ломана дуьхьал, ткъа важа ах Іейбал-ломана дуьхьал дІахІоьттира, хьалха Везачу Элан ялхочо Мусас Исраилан халкъ декъалдан тІе-ма-диллара. Тхан дай Далла Іибадат дан кху лам тІе богІура, ткъа аша и Іибадат дан деза меттиг Ярушалаймехь ю боху».
Выбор основного перевода