Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тІехь долу, цІе яьлла аре хилла дІахІуттур ду. Цунна тІехь ялта дІадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тІехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чІогІачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Іамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гІаланашна хилларг санна. Нагахь санна аша динарг хьарам хІума делахь, Абу-Маликах цІе а яьлла, Шехемара а, Байт-Миллора а бахархой а богийла. Шехемах а, Байт-Миллох а цІе а яьлла, Абу-Малик а вогийла!» Исраилхоша муабахойн гІаланаш хІаллакйира. Аренгара тоьллачу дакъошна тІе, хІораммо а цхьацца тІулг а кхоьссина, уьш ца мегачу дехира цара. Дерриге а хьостанаш лакъийра цара. Тоьлла долу дитташ а дІахедийра. Цхьа Кхир-Хьарсат-гІала бен дийна ца йиснера. Амма ширдолаг кхуьссурш, гІалина го а бина, цунна а тІелетира.
Выбор основного перевода