Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ГадІан веллачул тІаьхьа исраилхой, Везачу Элера дІа а бирзина, юха а БаІал-деланашна тІаьхьахІиттира. Шайн дела БаІал-Барт а хаьржина, Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаІал-Барт-делан цІа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тІаьхьахІиттира. Шайна гІалахь хилларг дІахиъча, Шехемарчу бІаьвнна чохь Іийнарш БаІал-Бартан делан цІа чохь хиллачу кхераме доцучу цІа чохь схьагулбелира.
Выбор основного перевода