Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ГадІана цига, Везачу Элана сагІа доккхуш йолчу метте, тІулгаш дехкира, цунна, «Везачу Элан Машар» аьлла, цІе а туьллуш. И тІулгаш хІинца а Абу-Іезаран доьзал бехачу Іапру цІе йолчу юьртахь лаьтташ ду. «Шехем-гІалин къаношка хатта: шуна хІун лаьа: „Яруб-БаІалан кхузткъе итт кІанта олалла дойла лаьа шуна, я цхьаьнга олалла дайта лаьа? Абу-Малик шайн цІийх схьаваьлла хилар диц а ма де“». Шен кІант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхІун нанас Іатал-ЯхІус сацам бира паччахьан тІаьхьенах верг массо а хІаллакван. ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан кІант ара а ваьккхина, цунна тІе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тІехь язбина тептар а дІаделира. ТІаккха иза паччахь дІахІотто даьтта тІе доттарца къобалвира. Наха, тІараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш.
Выбор основного перевода