Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Уьш хІора а, Абу-Малика санна, гаьннаш а даьхна, цунна тІаьхьахІоьттира. Цара шаьш схьадеана долу гаьннаш БаІал-Бартан цІенна кхераме йоцучу чоьнна улло охьадехкира. Царах цІе а латийна, цу чохь мел хилларг а вагийра цара. Иштта вагийна дІаваьккхира Шехеман бІаьвнна чохь хилла волу цхьа эзар хиллал стаг. Царна юкъахь зударий а, божарий а бара. Дала иштта бекхам бира, Абу-Малика, шен кхузткъе итт ваша а вийна, шен дена бина болу тешнабехк бахьана долуш. Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гІуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаІалан кІанта Йовтама кхайкхийна долу неІалт дахара царах.
Выбор основного перевода