Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цуьнан кхин а гІарбаш-зуда а яра. Иза Шехемехь ехаш яра. Цо цунна кІант вира, цуьнан цІе Абу-Малик а тиллира. Абу-Маликан ненан вежарша и хаттар Шехеман къаношка дира. Ткъа уьш Абу-Маликна тІаьхьахІитта резахилира. «Иза вайн ваша ву», – элира цара. Абу-Малика, Іапру-юьртахь долчу шен ден цІа а вахана, Яруб-БаІалан (ГадІанан) кхузткъе итт кІант вийра. Уьш массо а цхьана тархана уллохь вийра цо. Яруб-БаІалан уггар жимах волу кІант Йовтам дийна висира, иза дІалечкъина хилар бахьана долуш. Цул тІаьхьа Шехеман а, Байт-Миллонан а бахархоша цу гІалина генахь доццуш лаьтташ долчу ножан дитт долчохь Абу-Малик шайн паччахь вина дІахІоттийра.
Выбор основного перевода