Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шаьш тІехь дехаш долу латта цу тайпана бех ма де, хІунда аьлча цІий Іаноро латта бехдо. ЦІий Іанийначун цІий Іанадаро бен шена тІехь цІий Іанийна долчу лаьттан къа дІа ца доккху. „НеІалт хуьлда, бехк боцучу стеган цІий Іанорхьама, кхаьънаш дохучунна!“ Дерриге а халкъо эр ду: „Амин!“ Дала иштта бекхам бира, Абу-Малика, шен кхузткъе итт ваша а вийна, шен дена бина болу тешнабехк бахьана долуш. Дала иштта бекхам бира Шехеман бахархошна а, цара дина долу зуламе гІуллакхаш бахьана долуш. Яруб-БаІалан кІанта Йовтама кхайкхийна долу неІалт дахара царах. Сан дена Даудана ца хууш, шел дуккха гІоле а, дог цІена а волу, цхьа а бехк боцу ши стаг, тур тоьхна, вийнера цо. Уьш бара исраилхойн эскаран хьаькам хилла волу Неран кІант Абунар, яхІудхойн эскаран хьаькам хилла волу ИтІаран кІант Іамасаъ. Эсират паччахь волчу яханчул тІаьхьа, цо керла сацам тІехь болу кехаташ дахьийтина хилла. Цу сацамо ХІамана жуьгташна дуьхьал зуламе леринарг цуьнан шен коьрта тІе дерзийна хилла: ХІаман а, цуьнан кІентий а бІогІамашна тІехь ирхъоьхкина хилла. Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. Шуна тІехь ду шуна Делан лаамехь болчеран цІий, аша Іанийна долу, бехк боцучу Хьабулна тІера дІадолийна Барак-ЯхІун кІант волчу Закри-ЯхІуна тІекхаччалц, Делан цІенний, сагІа доккхуш болчу кхерчаний юккъехь аша вийна волчу. Аса баккъалла а боху шуьга, цу дерригенах а жоп лур ду хІокху тІаьхьено».
Выбор основного перевода