Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
тІаккха иза цуьнан ден цІийнан неІаре схьаяло еза, гІалин бахархоша цунна тІулгаш кхуьссур ду иза яллалц, исраилхошна юкъахь цо эхье гІуллакх лелийна дела: шен ден цІахь йоллушехь, нахаца лелла иза. Шайна юкъара зулам иштта дІадаккха. Суна лерина хІуманаш лачкъийна волу стаг а, цуьнан доьзал а, долахь мел дерг а цІергахь дагаде, цо, Везачу Элаца бина барт а талхийна, исраилхошна юкъахь эхье гІуллакх дина дела“». ХІусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хІума. ЦІа веанчул тІаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьІІе дІасадахьийтира. Цу шина пайхамаро Исраил-махкахь дегаза гІуллакхаш дора: шайн уллорачеран зударшца хьарам лелара, Сан цІарах хаамаш бора, Аса шайна и хаамаш ца беллехь а, уьш харцхаамаш белахь а. И хІума Суна хууш ду, Со цунна теш а ву“, – боху Везачу Эло».
Выбор основного перевода