Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Латта схьадаьккхинчул тІаьхьа дерриг а Исраилан халкъ Шилунехь схьагулделира. Везачу Элан деза четар дІахІоттийра цара цигахь. Адам шайн меттаматте юхадеара. Исраилхойн къаноша элира: «Везачу Эло хІунда белла техьа пІелаштамхошка вай эшадан ницкъ? Вай Шилунера Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьаэца деза. Иза вайца хир ду, цо вай мостагІийн куьйгех кІелхьара а дохур ду». Нах Шилуне а бахийтина, цигара массо а ницкъашна тІехь волчу Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ схьадаийтира. ТІорказан негІар тІехь Іаш дашо деза ши малик дара. Царна тІехула яра Везачу Элан меттиг. Цу тІорказна уллохь Іелин ши кІант вара, Хьапний, Пайнехьассий.
Выбор основного перевода