Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хІума а юуш, садоІуш болчу хенахь, цу гІалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цІенна го а бина, неІ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». Амма царна воккхачу стаге ладогІа ца лаьара. ТІаккха левихочо шен гІарбаш-зуда уьш болчу араяьккхира. Цара иза сахиллалц хьийзийра, ткъа сахуьлучу хенахь дІахийцира. Иза, садаьржачу хенахь схьа а еана, шен майра чохь волчу цІийнан неІсагІина хьалха охьаюьйжира. Іуьйре тІекхаччалц Іиллира иза цигахь.
Выбор основного перевода