Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». ЮшаІ кху дуьнен чуьра дІаваьллачул тІаьхьа, Исраилан халкъо Везачу Эле хаттар дира: «Тхуна хьалхаваьлла мила ваха веза канаІанхошца тІом бан?» – аьлла. Везачу Эло царна жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш гІур бу. Аса хІара мохк церан кара дІабелла». ТІаккха Исраилан эскарара дерриг а халкъ, Бетала а деана, дилхира. Цу дийнахь суьйре тІекхаччалц яа хІума ца йиира цара. Дийнаташ дагоран сагІанаш а, бертан сагІанаш а дохура цара Везачу Элана хьалха. Цу хенахь Делан деза тІорказ цигахь хилла. АхІаронан кІант волчу ЭлиІазаран кІанта Пайнехьас Везачу Элана хьалха гІуллакх дора цигахь. Исраилан эскаро Везачу Эле хаьттира: «Бен-яманхой тхан гергара нах бу. Кхин цкъа а царна тІамца дуьхьал довла дезий тхо?» Везачу Эло жоп делира: «Деза. Аса кхана уьш шун кара дІалур бу». Бен-яманхойн эскар, гІалара ара а даьлла, исраилхошна дуьхьал делира. Исраилхой юхабевлча, бен-яманхой царна тІаьхьабевлира. Исраилхоша иштта бен-яманхойн эскар гІалина гена даьккхира. Уьш, хьалха санна, исраилхой хІаллакбан буьйлабелира. Цара иштта ткъе итт стаг вийра. Цхьаберш аренгахь байира, вуьйш Бетал-гІала а, ГебаІ-гІала а боьдучу новкъахь байира.
Выбор основного перевода