Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Ткъа хІинца Везачу Элах чІагІо е суна, ас шайх къинхетам ма-барра, аша а сан ден цІийнах къинхетам бийр бу алий. Тешам болу цхьа билгало ло суна, Цул тІаьхьа Исраилан халкъо хаьттира: «Исраилхойн тайпанах болчарах мила ву хІокху гуламе Везачу Элана хьалха ваза виснарг?» Цара иза хоьттура, хІунда аьлча доккха неІалт дара царна аьлла. Везачу Элана хьалха МицІпе ваза виснарг вуьйр ву аьлла, йина чІагІо а яра. Исраил-махкахь массо а меттехь, Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц, массарна а хиира Шамъалах Везачу Эло къобалвина волу пайхамар вина хилар. Шамъала элира: «Массо а исраилхой МицІпа-гІалахь схьагулбе. Аса Везачу Эле сайн доІанна тІехь шу доьхур ду». Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицІпе схьакхайкхира. Цо, ши сту схьа а лаьцна, царах дакъош а дина, уьш Исраилан мехкан массо а маьІІе цу геланчашка дІасадахьийтира, массарна дІа а хоуьйтуш: «Иштта доькъур ду Шауланий, Шамъаланий тІаьхьа ца хІиттинчеран стерчий», – аьлла. Адам Везачу Элах а, Цо ницкъ беллачу Шаулах а чІогІа кхераделира. Массо а адам, цхьаъ санна хилла дІахІоьттина, цунна тІе дахара.
Выбор основного перевода