Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Исраилан тайпанех болчара, Бетала а бахана, Деле хаьттира: «Тхох хьалха мила вала веза бен-яманхошца тІом бан доьлхучу хенахь?» Везачу Эло жоп делира: «ЯхІудан тайпанах берш хила беза хьалхабевлла». ХІунда аьлча хьалхарчу дийнахь исраилхой боьлхуш хилла Везачу Элана хьалха. Цара Цуьнга хоьттура: «Тхо кхин а цкъа лата дезий тхан вежарий болчу бен-яманхошца?» Везачу Эло жоп деллера: «Даха а гІой, тІом бе цаьрца». Дерриг а халкъ, Бетал-гІала а деана, Далла хьалхахь сарралц чІогІа доьлхуш Іаш дара.
Выбор основного перевода