Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цу дийнахь ткъе ялх эзар Бен-Яманан тІаьхьенах тур лелош волу тІемало, вовшах а тоьхна, тІамана кечвира. Кхин а ГебаІ-гІалара ворхІ бІе тур лелош волу тІемало а вара цаьрца. Бен-яманхойн эскарх волу берхІитта эзар тоьлла волу тІемало вийра цу дийнахь исраилхоша. Ялх бІе бен-яманхо, ведда, Римун олучу тархана уллохь йолчу яьссачу аренга дІа а вахана, цигахь беа баттахь Іийра.
Выбор основного перевода