Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шена и дерриг а гича, динан ден АхІаронан кІентан ЭлиІазаран кІанта Пайнехьаса, гулам а битина, шен гоьмукъ схьаийцира. ХІора тайпанара волу эзар стаг а, динан ден ЭлиІазаран кІант Пайнехьас а тІаме дІахьажийра Мусас. Пайнехьасан кара дІаелира езачу меттера йолу пхьегІаш а, тІамехь локху турбанаш а. ХІетахь Везачу Эло Левин тайпа дІакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тІорказ дІасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гІуллакх дайтархьама а, Цуьнан цІарах декъалдарш дІакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хІинца а иштта схьадогІуш ду. Иштта, еза хІуманаш лар а е, сагІа доккхучу кхерчана уллохь ха а де, Со Исраилан халкъана кхин оьгІаз ца вахийтархьама. АхІаронан кІант ЭлиІазар а кхелхира. Цуьнан кІантана Пайнехьасана Эпраман лам тІехь беллачу гу тІехь дІавоьллира иза. Цу буьйсанна Везачу Эло ГадІане элира: «Хьала а гІаттий, маданхойн меттаматтана дуьхьал гІо. Аса уьш хьан кара дІало. Амма Пайнехьас, дІа а хІоьттина, юкъарло йира, тІаккха и ун дІасадаьржачуьра сецира.
Выбор основного перевода