Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагІашна бен гІо дан ваийтина вац Со». Ткъа пайхамарийн а, Дала шун дайшка динчу весетан а тІаьхьенаш шу ю. Дала аьлла ИбрахІиме: „Хьан тІаьхьенехула декъала хир ду дуьнен чуьра массо а халкъаш“. Шен Ялхо денвича, Дала уггар хьалха шуна тІеваийтира Иза, зуламечу гІуллакхех шух хІора а дІадерзош, къобалдархьама». Ткъа и хІун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар? Дела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха. ХІунда аьлча Дала мел дина ваІданашна дуьхьал Дала леррина Къобалвинчуьнгахула «хІаъ» ду. Цундела Делан сийлаллина Дала леррина Къобалвинчуьнгахула вай «Амин» олу.
Выбор основного перевода