Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Царна юкъахь тамашийна билгало а йина, дийна бисинчарах цхьаберш Сох лаьцна ца хезначу а, Сан сийлалла ца гиначу а къаьмнашна тІе бохуьйтур бу Ас: Таршаш тІе а, пІулахошна а, шайн говзачу Іад кхуссучаьрца болчу лудамхошна а тІе, Тубална а, Яванна а тІе, генахь долчу хІордан йистерачу халкъашна а тІе. Оцу халкъашна юкъахь Сан сийлалла кхайкхор ю цара. Везачу Эло элира Хьанасе: «ДІавало! И стаг Ас хаьржина гІирс бу. Цо кхайкхор ю Сан цІе кхечу къаьмнех болчу нахана а, церан паччахьашна а, Исраилан халкъана а. Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса. Ткъа вайна хаьа, иштта гІуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла. Со вен там бу. Ткъа сан валар чагІаран сагІанах тардала мега. Нагахь иза шун тешамечу гІуллакхдаран сагІина тІе Іанахь а, со воккхавеш ву – шуьца массаьрца а воккхавийр ву со.
Выбор основного перевода