Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Сайн доІанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар, хІунда аьлча суна чІогІа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чІагІдархьама а. И бохург хІара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахІиттор ду: сан тешаро шу иракарахІиттор ду, ткъа шун тешаро – со. Динан вежарий! Шуьга дІахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хІара хан тІекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна.
Выбор основного перевода