Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ТІаккха массо а, дІа а тийна, Дала кхечу къаьмнийн нахана юкъахь ПахІалехула а, Бар-Наабехула а дайтинчу тамашийначу хІуманех а, билгалонех а долчу цу шиннан дийцаре ладугІуш вара. Цаьрга маршалла а хаьттина, ПахІала дийцира шегахула кхечу къаьмнийн нахана юкъахь Дала динчух лаьцна. Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгІат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтІахь хилийта а. Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хІума цо яахь, хІунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хІума къилахь ду. Цхьа хІума дан похІма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похІма Делера ду.
Выбор основного перевода