Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Бакъду, яздинарг цунна цхьанна пайденна хилла ца Іа – «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира», амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Іийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала. Царна хилларг дерриг а вукхарна масал дало хиллера. Заманийн чаккхе тІекхаьчначу хенахь Іен долчу вайга, дІахьедар а деш, иштаниг ца дайтархьама яздина ду иза. Делан Йозанийн муьлхха а дакъа Дала Шен Іаь тоьхна ду. Бакъдерг хьеха а, харцдерг гучудаккха а, гІалаташ нисдан а, адамаш нийсачу новкъа даха а пайденна ду уьш. Цу дерригенан Іалашо ю: Делан адам муьлхха а дика гІуллакх дан кийча хилийтар.
Выбор основного перевода