Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гІуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе. Ткъа хІинца, динан вежарий, оха дІахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна. Шун доггах хилар а гуш, шух дозалла до аса македонхошна хьалха: «Стохка дуьйна а Ахаера динан тобанаш доггах хІума яларан гІуллакхна кийча ю» – бохуш. Шун доггах хиларо царах дукхахберш иракарахІиттабора. ХІунда аьлча аша кхочушдечу хІокху гІуллакхо, Делан нахана оьшург хилийтина а ца Іаш, Далла олу баркаллаш дуккха а тІехдовлуьйтур ду. Цундела Македон-махкахь а, Ахай-махкахь а массо а Іийсах тешаш болчарна шух масал хилла. Ткъа Везачу Элан дош а, шун Делах тешарх болу хаам а шуьгара Македон-махка а, Ахай-махка а кхаьчна ца Іаш, массо а кхечу меттигашка а дІасабаьржина. Цундела шух лаьцна оха дийца оьшуш кхин цхьа а хІума дац.
Выбор основного перевода