Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгІат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтІахь хилийта а. Аса шух хІорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хІоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гІуллакхдархо хилла сох. И Делан совгІат суна делла Цуьнан ницкъаца. Суна, Делан долахь болчарна юкъахь уггар а лахара волчунна, деллера Делан доккха совгІат: кхечу къаьмнийн нахана Дала леррина Къобалвинчун кІорггера довзийла доцучу хьолах лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхор а,
Выбор основного перевода