Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Говзачу гІишлоярхочо санна, аса бух боьттира, Дала сайна деллачу похІме хьаьжжина. Ткъа кхечо цу бух тІехь гІишло йо. Амма хІорра а ша и гІишло муха еш ю хьажа веза. Дала тхайна деллачу дозанал тІех а девлла, тхаьш дина доцучу гІуллакхех дозаллаш деш дац тхо. Мелхо а, оха сатуьйсу, шун тешар чІагІ а луш, Дала тхаьшна тІедиллинчул тІех а ца довлуш, кхин а дуккха а гІуллакхаш шуна юкъахь дан. ТІаккха шу долчохь кхайкхийна ца Іаш, шуна генахь болчу кхечу мехкашкахь а кхайкхо йиш хир ю тхан хаза кхаъ. Цу тайпана, кхечу цхьаннан дозанашкахь динчу гІуллакхех дозалла дийр дац оха.
Выбор основного перевода