Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ЦІушна сагІина еана йолчу яа хІуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чІагІдо. Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦІушна Іамал яран Іадат цхьаболчарна хІинца а чулацам болуш хета. ЦІушна сагІина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кІеда дегнаш Далла хьалха бехло. ХІунда аьлча нагахь оцу кІеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цІушна Іамал ечу цІа чохь юург юуш гича, тІаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цІушна сагІина еана йолу юург? Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тІехь шу чІагІдина делахь а.
Выбор основного перевода