Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Тхуна тІера доІанаш а деш, цу гІуллакха тІехь аша гІо до тхуна. Иштта, дукхахболчу наха деш долчу доІанашка Дала ладогІарна, Цо тхо декъалдийр ду. Ткъа цундела дуккха а долчу халкъо Далла хастамаш бийр бу. Ткъа Делан Сино кхуллуш дерг хІара ду: безам, хазахетар, деган машар, доккха собар, вовшашца безамехь хилар, дикалла, тешаме хилар, Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. Иштта тхуна тІера а доІанаш де Деле, Цуьнан дош дІакхайкхо а, Цо леррина Къобалвинчух лаьцна йолу Цуьнан къайле дІайовзийта а тхан аьтто бар доьхуш. И къайле дІакхайкхор бахьана долуш, ву со набахтехь. Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тІера дечу доІанашкахь, шайн тешарна тІехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а. Динан вежарий! Везачу Элах лаьцна кхаъ, шу долчохь ма-хиллара, сиха дІасабаржийта а, лоруш тІеэцийта а тхуна тІера доІанаш делаш.
Выбор основного перевода