Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча Иза вайн Дела ву, Цо Іалашдеш долу халкъ ду вай, Цуьнан куьйга кІел долу жа ду. Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, «Дуьхьал ма дийлалаш, Мерибахь а, Массехь а санна а, зеран дийнахь яьссачу арахь санна а. Шун дайша Со зийра цигахь, Ас дина мел дерг шайна гиннашехь. Шовзткъа шарахь цу тІаьхьенна оьгІазъоьхуш Іийра Со. Ас элира: „Шайн дегнашкахь тиладелла халкъ ду иза, Сан новкъа ца баха уьш“. Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цундела Дала кхин цхьа де билгалдаьккхина, ткъа цунах Цо олу «тахана». Дуккха а хан яьлча, Даудехула Цо аьллера, лакхахь аьлла ма-хиллара: «Тахана, нагахь шуна Цуьнан аз хазахь, дуьхьал ма довлалаш». Цунах лаьцна Делан Сино а тоьшалла до вайна кху дешнашца:
Выбор основного перевода