Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Эло билгалдаьккхинарг дІакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кІант ву, тахана Хьан Да хили Сох. Вай Цунах тешар бахьана долуш, Іийсас Делан доккхачу диканна тІекхочийла хилийтина вайна. ХІинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай. Шуна ца хаьа ткъа, шух хІорра а Делан цІа хилар а, Делан Са шуна чохь дехаш хилар а? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Иза бахьана долуш, шу а дІахІиттош ду, Дела Шен Синехула Іаш волу меттиг хилийтархьама. ХІунда аьлча майра зудчун корта бу, Дала леррина Къобалвинарг Шен дегІ долчу динан ерриге а тобанан корта хиларе терра. И тоба КІелхьарйоккхург ма ву Иза. Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах. Нагахь санна со хьелахь а, Делан хІусамехь дан дезарг хьоьга хаийта боху ас. Делан хІусам дийна волчу Делан долахь йолчу Іийсах тешачийн тобанан гулам бу – билггал бакъдолчун бІогІам а, бух а.
Выбор основного перевода