Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІокху яьссачу арахь оьгур ду шун догІмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тІехдевлларш, Суна луьйш хилларш, Делан стеган Мусан доІа. Хьалдолу Эла! ТІаьхьенашкара тІаьхьенашка тхо Іаш йолу меттиг ю Хьо. Лаьмнаш дуьнен чу довлале, дуьненан латта Ахьа кхоллале, азалера абаде кхаччалц Хьо ву Дела. Стагах юха а чан а йой, Ахь олу: «Юхадерза, адамаш!» Хьуна эзар шо селханлера де санна ду, буьйсанна ларйина хан санна ду. Ахь, дІадаьлла гІан санна, дІахьо адамаш. Уьш Іуьйранна хьалаяьлла буц санна ду. Буц Іуьйранна, хаз а лой, сенло, ткъа сарахь, маргІал а юлий, якъало. Хьан оьгІазалло хІаллакдо тхо, Хьан дераллах тхо кхоьру. Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь. Хьан оьгІазалла тІехь а йолуш, чекхдевлла тхан денош. Іаь санна, довш ду тхан шераш. Тхан шерийн денош кхузткъе итт шо ду, мелла а ондачийн – дезткъа шо, ткъа царах уггар а тоьлла хан къинхьегам а, гІайгІанаш а йолуш ю. Шераш сиха дІа а довлий, тхо дІадоьлху. Хьанна хаьа, Хьан оьгІазалла мел нуьцкъала ю, Хьоьга кхоччуш болу ларам хиллал, Хьан дералла Хьанна евза? Тхайн дахаран денош лара Іамадехьа тхо, тхан дегнашна хьекъал довзийтархьама. ТІеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгІазалла? Къинхетам бехьа Хьайн лейх. ХІора Іуьйранна Хьайн хедар боцучу безамах дузахьа тхо, тІаккха кху лаьтта тІехь йоккхучу хенахь самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир дара тхо. Айхьа тхуна таІзар динчу денойл а, тхуна халонаш гинчу шерел а дуьхьал самукъадаларан хан лохьа тхуна. Хьан лешна Хьан дика болх гойла, церан берашна Хьан сийлалла лепийла. Тхан Хьалдолчу Делан дика болх хуьлда тхуна. ГІуллакхаш тІехь тхан аьтто белахь, тхан гІуллакхаш а аьтто болуш хилийталахь. хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву.
Выбор основного перевода