Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІокху керлачу Делан цІийнан сийлалла хьалхалерчу цІийнан чул а лакхаер ю, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – ХІокху меттехь лур бу Ас машар, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло». Цуьнга дІаала, – иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Хьажал, ЗІийдаг цІе йолчу хІокху стага ша волчохь зІийдаг хьалакхиор ю, Везачу Элан цІа юхаметтахІоттор ду цо. Везачу Элан цІа дІахІоттон верг иза хир ву. Паччахьан сийлалла тІеоьцун верг а иза хир ву, паччахьан гІанта тІехь олалла а дийр ду цо. Цуьнан паччахьан гІанта уллохь коьрта динан да хир ву, ткъа цунна а, вукхунна а юкъахь барт а, машар а лаьттар бу“. Шайца валар дахьаш долу, дешнашца тІулга тІехь яздина дерг хилла дІахІоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тІе ца хьажалора, и нур лагІлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?! Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тІех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург. ХІунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хІинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту. Нагахь дІадер дерг а сийлалла долуш хилча, тІаккха хІара цкъа а дІадер доцург кхин а сийлалла долуш ду. Кхечу динан дайшка деллачул а Іийсага делла динан гІуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гІолехь бу, иза тоьллачу чІагІонашна тІехІоттийна болу дела. Иштта, сийлахь динан коьрта да стигалахь долчу Делан цІенна тІехь хІоттийна ву вайн.
Выбор основного перевода