Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ТІаккха юха а элира Іийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!» Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваІда кхочушдархьама а, Иштта, сан Іалашо ю, къовсамехь санна, Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула со стигала тІекхайкхинчу Дала суна лун долчу совгІатна хьалха тІекхача. Стигалшка хьала а ваьлла, Дела волчохь волу динан сийлахь коьрта Да, Делан КІант Іийса ву вайн, цундела ваьш лелочу динехь леррина лелийла вай. Оцу езачу меттиге вайл хьалха Іийса вахана, Малки-ЦІадакъин даржехь гуттаренна а динан коьрта да а хилла.
Выбор основного перевода