Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш. Ткъа Сайн ялхо волчу Мусаца иза иштта ца хуьлу. Сан дерриге а халкъана тІехь ша дечу куьйгаллехь иза тешаме ву. Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хІунда аьлча шаьш Хьариб-лам тІехь гулделлачохь аш дехна: „ХІинца чул тІаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хІара сийлахь цІе а ма гойла тхуна, тхо хІаллак ца хилархьама!“ – бохуш. Везачу Эло соьга элира: „Дика ду цара иза доьхуш хилар. Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тІаккха Ас Шена тІедиллинарг нахе дІаэр ду Цо. Сайн Пайхамарехула Ас бохучуьнга ла ца доьгІначуьнгара Ас жоп доьхур ду. Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хІунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо.
Выбор основного перевода