Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь Суна хьан аз хезира, кІелхьардоккхучу дийнахь Аса гІо дира хьуна». Ткъа хІинца тІееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хІинца ду и кІелхьардовларан де. Иштта, хьалхалерчу ширачу адаман лелар дита. Стаг Іехош болчу лаамаша талхош ду и шира адам. Цундела, хІинццалц санна, вовшийн дог а эца, вовшашна чІагІдала гІо а де. Вовшийн терго йойла вай, безамна а, дикачу гІуллакхашна а ваьш иракара а хІиттош. Вешан гуламаш дІатосуш ма хуьлийла вай, цхьаболчара иза ма-дарра. Цул а вовшашна гІо дойла вай, Везачу Элан де гергакхочуш хилар шайна мел ги, алсам а деш.
Выбор основного перевода