Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма дийна волчу Сайх а, Везачу Элан олаллин нуьро дерриг латта дузорах а чІагІо йо ас, Сан олаллин нур а, Ас Мисарахь а, яьссачу арахь а гайтина билгалонаш а гина, уьттазза Со а зийна, Соьга ла ца доьгІначу нахана, Ас церан дайшна чІагІо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дІа мел тесначарна а гур дац иза. Шу цкъа хІинца а паргІато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тІе ма ца девлла. Цу хазачу кхоах тешна долу вай кхочур ду Дала синтем лучу метте, хІунда аьлча Цо аьлла: «Цундела Сайн оьгІазаллица Ас чІагІо йира, синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш аьлла». Цо иза аьлла, дуьне кхолладеллачу хенахь дуьйна Шен болх чекхбаьлла боллушехь. Кхин а аьлла Цо хьалха хьахийначу меттехь: «Синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац уьш». Иштта оцу синтеме кхача хьовсур вай, цхьа а, вочу масалх пайда а эцна, ла ца догІарна Делах ца къастийта.
Выбор основного перевода