Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Іийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза. Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза. Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дІа а хІоттийна, Да волчу Делан сийлаллина Цо леррина къобалвина Іийса Веза Эла хиларх лаьцна хІора адаман матте тоьшалла дайтархьама а. Цхьа а шен лаамца хІуттур вац динан коьрта да. Дала тІекхайкхина хила веза иза, АхІарон санна. Ойла ел, мел чІогІа таІзар дийр ду Делан КІант емалвинчунна, Делаца бина барт чІагІбина а, ша вазвина а долчу цІийн дозалла ца лериначунна, маьхза дика луш долу Делан Са сийсаздинчунна? Иза вайн къинош дІадахаран сагІа ду. Ткъа и сагІа, вайн къиношна тІера тоьъна а ца Іаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тІера тоьар ду.
Выбор основного перевода