Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Хьан цІе сайн вежаршна кхайкхор ю аса. Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса. Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. ХІунда аьлча Веза Эла коьртачу маликан озаца а, Делан турба лакхарца а, Ша стигалара охьавуссур ву, ткъа Дала леррина Къобалвинчух тешаш а болуш белларш хьалха денлур бу. Цул тІаьхьа вай, далаза диснарш, царах дІа а кхетта, Везачу Элана дуьхьал мархашка хьаладохур ду. ТІаккха вай даим Везачу Элаца цхьаьна хир ду.
Выбор основного перевода