Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Къинойн гІуда такхаран сагІина Іийса дІавелира Дала. Іийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гІуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таІзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХІинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Іийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. Мелхо а, Шен возалла дІа а тесна, лен васт тІе а эцна, адамах тар а велла, тІехьаьжна а адам хилла Иза. ХІунда аьлча вайн динан коьрта Да кхетар ву вайгара йийлинчу ледарлонех: Иза лаьтта тІехь волчу хенахь, вай санна, массо а тайпана зуьйш хилла, Цо къа ца латийнехь а. Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хІоттаво адамийн дуьхьа Далла Іамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагІанаш даха а. Динан коьрта да хІума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кІеда хила тарло, хІунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь.
Выбор основного перевода