Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ПирІун волчу гІо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чІагІдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама. Изза вара яьссачу арахь гулделлачу халкъе Синай-лам тІехь малико шега дийцинарг дІааьлларг. Мусас схьаийцира деза дешнаш вайга схьадалархьама. Дала шуна маликашкахула товратан хьехам баийтира, амма аша и кхочуш ца бира». хІунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дІакъастийна а ву. ТІаккха стенна оьшу те товрат-хьехамаш? Уьш тІетоьхна бара адамашна шаьш летош долу къинош гайтархьама. Иза хир дара ИбрахІиман тІаьхьенах верг ваийтталц. Ткъа цу тІаьхьенах волчунна Дала чІагІо йинера, Ша декъалалла лур ду аьлла. Товрат-хьехамаш адамашна юкъа маликашкахула баийтина юкъарло лелошволчун гІоьнца.
Выбор основного перевода