Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
вай мостагІех кІелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гІуллакх дайтархьама, Аша тІеэцнарг шух юха а леш хуьлуьйту Са дац, юха а кхерамехь шу дехаш хуьлуьйтур долу. Аша тІеэцнарг шух Делан бераш хуьлуьйту Са ду. Оццу Синца вай кхойкху: «Абба, сан Дада!» Амма аса боху шуьга: тІаьхьенах дакъа кхочун долу кІант пхийттара валале йолчу хенахь, ша массо а хьолан да воллушехь, цхьана а хІуманна тІехь лех къаста ца ло. Цу берана тІехь олалла а деш, цуьнан дола а деш, тІехьожуш хІоттийна ялхо хуьлу, цуьнан дас билгалъяьккхина хан тІекхаччалц. Иштта вай а дара, ваьш бераш долчу хенахь, кху дуьненах долчу парзийн а, Іадатийн а долахь. Ша билгалъяьккхина зама тІекхаьчча, Дала ваийтира зудчо дуьнен тІе ваьккхина волу Шен КІант. Иза а вара товрат-хьехамийн долахь, цу хьехамийн долахь берш паргІат а баьхна, вайх а Делан бераш дархьама. ХІунда аьлча Дала вайна кІиллоллин са хилийта ца делла Шен Са, ткъа вайн синан ницкъ хилийта а, безам зуьйш а, вай кхетаме хилийта а делла. цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагІа доцучу сагІина дІавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цІийно мел чІогІа цІандийр ду вай Іожалла тІейоуьйтучу гІуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Іамал яйтархьама.
Выбор основного перевода