Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Иза сан Дела а, сан Тарх а ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кІелхьарваларан ницкъ а бу, Иза сан КІелхьарваккхархо ву, луьрачу мостагІех со кІелхьарваьккхи Цо! Якъубан тІаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со. ХІара со а ву, Везачу Эло суна делла бераш а ду. Цийон-лам тІехь Іаш волчу массо а ницкъийн Везачу Эло исраилхошна тоьшаллина а, билгалонна а дахкийтина ду тхо. Уьш Суна делла волу Сан Да массарал а воккха ву. Сан Ден куьйгара цхьаьнгге а лачкъалур дац уьш.
Выбор основного перевода