Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма хьо, Сан ялхо долу Исраилан халкъ, Ас хаьржина йолу Якъубан тІаьхье, Сан доттагІчун ИбрахІимах схьадаьлларг, – Ас лаьттан йистера схьаэцна хьо, генарчу маьІигашкара Ас схьакхайкхина хьо. Ас аьлла хьоьга: „Хьо Сан ялхо ву“. Ас хаьржина хьо, Ас хьо дІа ца тесна. Ткъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахІиман массо а тІаьхьенна, чІагІо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахІиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахІим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву,
Выбор основного перевода