Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. Хьо тІевеана лелаш волу КанаІан-мохк берриг а хьуна дІалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». «Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДІаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Іуьйранна Іаббалц бепиг а хир ду шуна. ТІаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“». Исраилхошна юкъахь Іийр ву Со, церан Дела а хир ву Со. Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Іархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву». Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву». Ткъа шу Везачу Эло, эчиг лало пеш йолчу Мисар-махкара схьа а эцна, арадаьхна. Цо иза, хІинца схьагуш ма-дарра, шух Шен долахь долу халкъ хилийтархьама дина. Хьайн Везачу Делан деза халкъ ду хьо. Хьан Везачу Дала хьо хаьржина, хьох Шен долахь долу халкъ дархьама, дуьнен чохь мел долчу халкъашна юкъара схьа а хаьржина дина долу. ТІаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тІекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гІуллакхашца, тамашийначу билгалонашца. тахана шух Цуьнан халкъ хилийтархьама а, Цо шуьга ма-аллара а, шун дай болчу ИбрахІиме а, Исхьакхе а, Якъубе а чІагІо ма-ярра а. Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дІахІоьттина. «Ас шун белшашна тІера мохь дІабаьккхина, шун куьйгаш карарчу тускарех мукъа а даьхна. Халкъана гайта а, хаийта а, иза хьажийта а, кхетийта а, Везачу Элан куьйго иза динийла, Исраилан Везачу Дала иза кхоьллинийла». Толам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кІант а хир ву.
Выбор основного перевода