Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Суна хаьа, пирІуно шу дІахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь. Ас, Мисарна тІехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хІуманаш гойтур ду цу махкахь, тІаккха цо шу дІахоьцур ду. Ткъа пирІуно шуьга ладугІур дац, тІаккха луьра таІзарш а деш, Сайн куьйга охьатаІор ю Ас Мисар. Сайн бІо, Сайн халкъ, Исраилан кІентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. ТІаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тІе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кІентий арабохур бу Ас». Везачу Эло Мусага элира: «Кхин цхьа бохам а хуьлуьйтур бу Ас пирІунна а, мисархошна а. Цул тІаьхьа цо шу дІахоьцур ду. Цу хенахь цо шу дерриш Мисар-махкара сихонца дІалохкур ду. Цу буссехь тІе а кхайкхина, Мусага а, АхІароне а пирІуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гІовттий, дІадовла сан халкъана юкъара. Даха а гІой, Везачу Элана гІуллакх де, шаьш ма-аллара. Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дІагІахьара шу бохуш. «Шу дІа ца гІахь, тхо массо а хІаллакьхир ду!» – бохура цара. Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хІума кечъян а ца кхиънера уьш.
Выбор основного перевода