Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Везачу Эло Ибрамца барт бира: «Аса хьан тІаьхьенна дІалур ду хІара латта Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тІера сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц, «ХІара ду вайшиммо барт барехь Аса тІелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву. Гуттаренна а хьан тІаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тІаьхьенийн а Дела хир ву. Хьо тІевеана лелаш волу КанаІан-мохк берриг а хьуна дІалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тІаьхьенашна а гуттаренна а дІа а лур бу, церан Дела а хир ву Со». Дала хьо а, хьан бераш а декъалдойла, ИбрахІим ша декъала ма-варра. Дала ИбрахІимна делла, хьо хІинца тІевеана стаг а хилла Іаш волу латта хьан дола долийла».
Выбор основного перевода