Амма Мусас жоп делира: «Исраилхошна а ца лаьа соьга ладогІа, пирІунна-м муххале а луур дац. Цу тІе сан къамел говза а дац».
ТІаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХІинца Хьоьца къамел динчул тІаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац».