Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусаца а, АхІаронца а къамел а дина, Везачу Эло царна тІедиллира Исраилан халкъаца а, пирІунца а къамел дар. Исраилхой Мисар-махкара арабахар цу шинна тІедожийра Цо. Ткъа пирІуно шуьга ладугІур дац, тІаккха луьра таІзарш а деш, Сайн куьйга охьатаІор ю Ас Мисар. Сайн бІо, Сайн халкъ, Исраилан кІентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хІунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тІаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тІедиллина долу дела. ХІорш ю Мусан а, АхІаронан а куьйга кІел а далош, шайн тІеман тобанашка хьаьжжина, Мисар-махкара халкъ арадаьллачул тІаьхьа, исраилхоша шайн меттаметтанаш хІиттийна меттигаш.
Выбор основного перевода