Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левин тІаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра. Доьзалхочух а хилла, кІант вира цу зудчо. Бер хаза долу дела, иза, лечкъош, кхаа баттахь лелийра цо. Іамраман зудчун цІе Йохабадат яра. Иза а яра Левин тайпанах схьаяьлла. Иза Мисар-махкахь дуьнен чу яьллера. Іамраман а, Йохабадатан а ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. Иштта цхьа йоІ а яра церан, цу шина кІентан йиша йолу Марем. Ткъа Іамраман ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. АхІарон а, цуьнан тІаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гІуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тІедиллина гІуллакхаш хІорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу кІур баккхар а, Цунна Іамал яр а, Цуьнан цІарах адамаш декъалдар а. Ткъа Муса Делан стаг вара. Цуьнан кІентий Левин тІаьхьенах лоруш бара.
Выбор основного перевода