Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас чІагІо йина, шуна таІзар дечу Мисарара канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе, шу дІадига’“. Ткъа пирІуно шуьга ладугІур дац, тІаккха луьра таІзарш а деш, Сайн куьйга охьатаІор ю Ас Мисар. Сайн бІо, Сайн халкъ, Исраилан кІентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кІелхьардаьккхина халкъ, онда гІо лоцуш, езачу Хьайн хІусаме дигна хир ду Ахь. Везачу Элана хьо деза дела а, Цо шун дайшна делла ваІда лардо дела а хаьржина дара. И бахьана долуш Везачу Эло хьо, ондачу куьйгаца лоллин цІа чуьра ара а даьккхина, Мисар-мехкан паччахь волчу пирІунан карара паргІатдаьккхина. ТІаккха Везачу Эло тхо Мисар-махкара арадехира Шен нуьцкъалчу куьйгаца, тІекховдийначу пхьаьрсаца, доккхачу къематца, инзаречу гІуллакхашца, тамашийначу билгалонашца. Ткъа шу Мисар-махкара Шен боккхачу ницкъаца а, схьакховдийначу куьйгаца а арадаьхна волчу Везачу Элана Іибадат а де, Цунна Іамал а е, Цунна сагІа а даккха. Баркалла ала Исраилан халкъ Мисар-махкара Арадаьккхинчунна (Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу) нуьцкъалчу куьйгаца а, тІекховдийначу пхьаьрсаца а – Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
Выбор основного перевода